
Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо, Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина. Лаилаха иллАллах. Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша Ӏамийна. Лаилаха иллАллах. Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна, Тархаш тӀехь дой хьийзо дайша Ӏамийна. Лаилаха иллАллах. Халкъана, махкана наноша кхоьллина, Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина. Лаилаха иллАллах. Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, Халонех, бохамех курра чекхдийлина. Лаилаха иллАллах. Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна, Халонех, бохамех курра чекхдийлина. Лаилаха иллАллах. Мокхаза ламанаш даш хилла лаларах, Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц! Лаилаха иллАллах. Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. Лаилаха иллАллах. Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах, Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац. Лаилаха иллАллах. Тхо цкъа, а цхьанненна къарделла совцур дац, Ӏожалла, я маршо — шиннех цхьаъ йоккхур ю? Лаилаха иллАллах. Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, Хьомсарчу бӀаьргаша хьнаршна гӀиттадо. Лаилаха иллАллах. Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо, Хьомсарчу бӀаьргаша хьнаршна гӀиттадо. Лаилаха иллАллах. Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду, Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхин мийра ду! Лаилаха иллАллах. Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, Халкъана, махкана, Далла, а муьтӀахь ду. Лаилаха иллАллах. Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду, Халкъана, махкана, Далла, а муьтӀахь ду. Лаилаха иллАллах.
Песен-НИКИ
Загрузка...
Другие песни Имам Алимсултанов
Все песни →Похожие песни

Красота
Мария Чайковская
Целуй меня
Русская авторская песня20151,453

Целуй меня
Мария Чайковская
Целуй меня
Русская авторская песня20151,011

В комнате цветных пелерин
Мария Чайковская
Целуй меня
Русская авторская песня2015867

Ангелом
Мария Чайковская
Квітка
Русская авторская песня2017802

Апрель
Вячеслав Антонов
Апрель
Русская авторская песня2018781

Нитью
Мария Чайковская
Целуй меня
Русская авторская песня2015766